‏ 2 Kings 23:1-20

Юши-ЯхӀус кхечу деланашна Ӏамалъяр дӀадаккхар

(2 Шерашкахь 34:3-7, 29-33)

1Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш. 3БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.

4 aТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира. 5ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо. 7Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь – ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц – динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу. 9Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна.

10 bЮши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама. 11ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира. 12 cЯханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира. 13 dЯрушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана
ХӀаллакдаран лам – иза «Зайт-диттийн ломан» кхин цӀе ю, иза емалъеш олуш йолу.
къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна
МилкӀом-цӀу – я иштта: Мулка-цӀу.
а лерина.
14Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира.

15 gИштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16 hЮши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира
Иштта кхочушхилира... къубба гира – иштта тӀетоьхна ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь цу дешнийн метта иштта дӀаяздина ду: Везачу Эло Делан стагехула хир ду ма-аллара, кхочушдира Юши-ЯхӀу-паччахьо и дерриг а.
Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира.
17 jЦо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?»

Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».

18Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае».

ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш.

19Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо. 20Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь.
Copyright information for CheCAC2012