2 Kings 23:31-34
ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз
(2 Шерашкахь 36:2-4)
31ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Ахьазан ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 32ЯхӀу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 33Наху-пирӀуно, Ярушалаймехь ЯхӀу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь набахти чу воьллира. Наху-пирӀуно гӀуда такхар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Шена ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирӀуно яхӀудхошкара. 34 aТӀаккха Наху-пирӀуно Юши-ЯхӀу-паччахьан Элъякъим цӀе йолу кхин кӀант хӀоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирӀуно Элъякъиман цӀе хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхӀу-Ахьаз пирӀуно Мисар-махка дӀавигира, иза цигахь дӀа а кхелхира.
Copyright information for
CheCAC2012