2 Kings 23:36-37
36 aЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Якхаман ненан цӀе Забудат яра. Иза Рума-гӀаларчу Пади-ЯхӀун йоӀ яра. ЯхӀу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.37 2 Kings 24:1-6
1 bЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. 2Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. 3Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а, 4иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. 5ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта.
Copyright information for
CheCAC2012