2 Kings 24:12-16
12 aЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира. 13ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. 14Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. 15 bЦу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара.
Copyright information for
CheCAC2012