2 Kings 24:18-20
ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 36:11-23; Ярми-ЯхӀу 52:1-3а)
18 aЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 19ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 20 bЯрушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. 2 Kings 25:1-7
Ярушалайман йожар
(2 Шерашкахь 36:13-21; Ярми-ЯхӀу 52:3б-11)
1 cЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. 2ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира. 3Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра. 4 dМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара. 5ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира. 6ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7 eЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.
Copyright information for
CheCAC2012