‏ 2 Kings 25:1-11

Ярушалайман йожар

(2 Шерашкахь 36:13-21; Ярми-ЯхӀу 52:3б-11)

1 aЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. 2ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира. 3Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра. 4 bМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара. 5ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира. 6ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7 cЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.

Везачу Элан цӀа дохор

(Ярми-ЯхӀу 52:12-33)

8Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9 dЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра. 10Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 11Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира.
Copyright information for CheCAC2012