‏ 2 Kings 25:18-21

ЯхӀудхой Бавел-махка дӀакхалхор

(Ярми-ЯхӀу 52:24-27)

18Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. 19ГӀалахь хӀетталц а бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам волу ваьӀна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 20Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. 21Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.

Иштта яхӀудхой шайн махкара йийсаре дӀабигира.
Copyright information for CheCAC2012