2 Kings 25:22-24
ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу
(Ярми-ЯхӀу 40:7-9; 41:1-3)
22 aБавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь дитинчу халкъана тӀехь куьйгалхо вина дӀахӀоттийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. 23ТӀеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо дӀахӀоттийна аьлла. ТӀаккха уьш МицӀпа-гӀала бахара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Уьш бара: Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, натӀупатхо волчу Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, церан нах а. 24Гадал-ЯхӀус, царна а, церан нахана а хьалха, чӀагӀо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012