2 Kings 25:3-10
3Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра. 4 aМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара. 5ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира. 6ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7 bЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.Везачу Элан цӀа дохор
(Ярми-ЯхӀу 52:12-33)
8Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9 cЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра. 10Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.
Copyright information for
CheCAC2012