2 Kings 25:8-17
Везачу Элан цӀа дохор
(Ярми-ЯхӀу 52:12-33)
8Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9 aЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра. 10Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 11Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. 12Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. 13 bХашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. 14 cЦара иштта дӀадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. 15Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а. 16Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. 17Цхьана бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол яра. Цу бӀогӀам тӀехь цӀестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.
Copyright information for
CheCAC2012