2 Kings 8:17-24
17ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 18Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 19 aДелахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло. 20 bЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 21ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира. 22Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера. 23ЯхӀурамах лаьцна – цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 24ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012