‏ 2 Kings 8:25-29

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 22:1-6)

25Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь. 26Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра. 27Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара.

28Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 29Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
Copyright information for CheCAC2012