2 Kings 9:1-6
ЯхӀу исраилхойн паччахь хиларна даьттанца къобалвар
1ЭлишаӀ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хӀара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала дӀагӀо. 2Хьо цига дӀакхаьчча, Нимшайн кӀентан ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀу схьа а къаставой, цунна тӀе а гӀой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цӀа чу ваккха. 3ТӀаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тӀе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тӀаьхьа, неӀ дӀа а еллий, дӀавада, сеца а ца соьцуш“». 4Къона пайхамар ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала вахара. 5Иза цига дӀакхаьчча, охьахевшина болу тӀеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТӀеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан». ЯхӀус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?» «Хьоьга ду, тӀеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо. 6 aИза, хьала а гӀаьттина, цӀа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тӀе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тӀехь.
Copyright information for
CheCAC2012