‏ 2 Kings 9:21-28

21Йорама элира: «ГӀудалкх дӀайожа!» Цуьнан гӀудалкх дӀаюьйжира. ТӀаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а шайн гӀудалкхаш тӀехь ЯхӀуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхӀуна дуьхьалвахара, израӀалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. 22Йорама, шена ЯхӀу гича, хаьттира: «ЯхӀу, машарца вогӀий те хьо?»

«Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цӀушна Ӏибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хӀинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхӀус.

23Куьйгашца гӀудалкх юха а ерзош, говраш дӀа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхӀу! Вайна ямартло йина!» 24Ткъа ЯхӀус, шен куьйга Ӏад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гӀудалкх чу охьавуьйжира. 25Шен гӀудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхӀус элира: «Схьа а эций, израӀалхочун Набутин лаьттан декъа тӀе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гӀудалкхана тӀехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тӀаьхьахӀоьттина вогӀучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам: 26 a„Билггал Набутин а, цуьнан кӀентийн а цӀий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тӀехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тӀехь охьакхосса иза».

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу вер

27Хилларг а гина, яхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу Байт-ХӀаган-гӀалина тӀебоьдучу новкъа тӀехула дӀаиккхира. ЯхӀус, гӀудалкх цунна тӀаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дӀаваккха шен гӀудалкхана тӀехь». ИбалӀам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхӀус шен гӀудалкх лаьллича, цунна чов йира цара
...цунна чов йира цара – иштта ширачу гочдар тӀехь ду. Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.
. Ахьаз-ЯхӀу, МагӀидда-гӀала дӀа а кхаьчна, цигахь велира.
28Цуьнан тӀеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.
Copyright information for CheCAC2012