‏ 2 Samuel 1:1-16

Даудана Шаул веллийла хаьа

1Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара. 2КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. 3Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла.

Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».

4ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга».

Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».

5ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»

6 aЖимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара. 7Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, – аьлла. 8Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“. 9ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“. 10ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».

11Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна. 12Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.

13Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?»

Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».

14ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?» 15Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра. 16Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».
Copyright information for CheCAC2012