2 Samuel 12:1-15
ТаӀзар а, гечдар а
1 aВезачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гӀалахь Ӏаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. 2Хьалдолчун дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а хилла. 3Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Ӏахар бен, кхин хӀумма а ца хилла. Цо, яа хӀума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Ӏахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дӀакховдийна долу бепиг дууш хилла Ӏахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тӀехь дӀабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоӀ санна хеташ хилла иза. 4Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагӀашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хӀума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагӀ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира». 5Дауд цу стагана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хӀума дина волу стаг вен ма веза! 6Цу уьстагӀна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хӀунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хӀума ша деш». 7ТӀаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кӀелара схьа. 8Аса хьан элан цӀа а, цуьнан зударий а хьуна дӀабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кӀезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. 9Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти. 10Цундела тур хьан цӀенна массо а хенахь кхераме хир ду, хӀунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхӀун зуда хьайна дӀайигна“. 11 bВезачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цӀа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чӀогӀа хьомсара хеташ волчу стагана дӀалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза. 12И санна долу хӀума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дӀа а хоуьйтуш, дийр ду“». 13ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. 14Амма, хьайгара далийтинчу цу хӀуманехула хьо Везачу Элах чӀогӀа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кӀант лийр ву». 15Ната шен цӀа вахара.Даудан а, Бат-ШабаӀан а бер далар
Везачу Эло УръяхӀун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чӀогӀа цомгуш хилира.
Copyright information for
CheCAC2012