‏ 2 Samuel 15:13-37

Дауд а, цуьнца хилларш а Ярушалаймера бевдда дӀабахар

13Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина».

14Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».

15Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду». 16Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама.

17Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира. 18Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а
Кератхой, палетхой – кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.
, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара.
19ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу. 20Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда
Грекийн гочдар тӀехь: Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда. Ӏебархойн тептар тӀехь: Баккъалла болу тешам хуьлда хьоьца.
».

21ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».

22ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира. 23Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара.

24ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц. 25Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. 26Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». 27Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву!
Ӏебархойн тептар тӀехь: Хьо Делера дерг гуш верг ма ву. Грекийн гочдар тӀехь: Хьажал!
Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву.
28Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». 29ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.

30Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара. 31Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»

32Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра. 33Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву. 34Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“. 35Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца. 36ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».

37Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.

‏ 2 Samuel 16

Цубина Дауд дуьхьалкхета

1 dДауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара. 2Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?»

Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цӀенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тӀехь дӀасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тӀемалошна даа деана. Ткъа чагӀар яьссачу аренгахь болчу гӀора дӀадаьллачарна мала деана».

3 eПаччахьо элира: «Хьан элан кӀентан кӀант мичахь ву?»

Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХӀинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“».

4ТӀаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хӀума аса хьуна дӀало».

Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаӀабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»

ШамаӀис Даудана неӀалт олу

5Дауд Бахьруме дӀакхаьчча, цигара Шаулан цӀийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цӀе ШамаӀи яра. Иза Герин кӀант вара. ШамаӀи, неӀалташ а кхайкхош, 6Даудана а, цуьнан ялхошна а тӀулгаш кхуьссуш вогӀуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агӀор дӀахӀиттина бара. 7НеӀалташ а кхайкхош, ШамаӀис бохура: «ДӀавала, дӀагӀо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! 8Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тӀаьхьенан цӀий Ӏанор бахьана долуш а, цул тӀаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дӀаделла хьан кӀант волчу Абушаламан кара. Ткъа хӀинца хьо баланехь ву, хьо цӀий Ӏанош верг хилар бахьана долуш».

9Царуятан кӀанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жӀаьло сардамаш хӀунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу».

10Амма паччахьо элира: «ХӀун дийр ду аса шуна, Царуятан кӀентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хӀунда леладо?“– ала мила ву?» 11Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кӀант а со вен араваьлла хилча, хӀокху бен-яманхочун хӀун бехк бу? Ӏадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. 12Тахана сан бала
Цхьадолчу тептарш тӀехь: сан бала. Ӏебархойн тептар тӀехь: суна дина вониг.
Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».
13Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дӀабоьлхуш бара, ткъа ШамаӀи Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа ца волура. Ламанан басехула схьавогӀуш вара иза, Дауд волчу агӀор тӀулгаш а, чан а кхуьйсуш. 14Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чӀогӀа кӀадбелла хиларна, цигахь садаьӀира.

Ахьи-Тупала Даудах лаьцна хьехар до

15Ткъа Абушалам, шеца дерриг а Исраилан халкъ а долуш, Ярушалайме схьавеара. Цуьнца цхьаьна Ахьи-Тупал а вара. 16Даудан доттагӀа волчу Ӏаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!»

17ТӀаккха Абушалама цуьнга хаьттира: «Иштта тешаме ву-кх хьо хьайн доттагӀчунна? Цуьнца дӀа хӀунда ца вахара хьо?»

18«ХӀан-хӀа, – элира Хьушайс Абушаламе – Со Везачу Эло а, хӀокху халкъо а, массо а исраилхоша а хаьржинчуьнца хир ву. Со цуьнца соцур ву. 19Цу тӀе, хьанна гӀуллакх деш хир ву со? Цуьнан кӀантана хир вац? Со хьан ден гӀуллакххо ма-хиллара, иштта хьуна а гӀуллакххо хир ву».

20Абушалама Ахьи-Тупале элира: «Хьехам бехьа, вай хӀун дан деза?»

21Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цӀа Ӏалашдан битинчу цуьнан гӀарбаш-зударшца дӀавижа. ТӀаккха массо а исраилхошна дӀахезар ду, хьо хьайн дена бӀаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тӀаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чӀогӀа тешаме болуш дӀахӀуьттур бу». 22 gШерачу тхов тӀехь Абушаламна четар хӀоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гӀарбаш-зударех кхийтира.

Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чӀогӀа ладогӀа дезаш болу хьехамаш бара.23

‏ 2 Samuel 17:1-22

1Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гӀаьттина, со кху буьйсанна Даудана тӀаьхьавер ву. 2Иза гӀел а велла, цуьнан гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа, со цунна тӀелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дӀагӀур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац. 3Аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дӀадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Ӏийр ду
Ӏебархойн тептар тӀехь: Аса массо а адам... Ӏийр ду. Грекийн гочдар тӀехь: Нускал шен майрачунна тӀе ма-дерззара, аса массо а адам хьуна тӀедерзор ду. Хьуна цхьа са бен ден ма ца лаьа, ткъа важа нах кхерам боцуш хир бу.
».
4Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чӀогӀа дезаделира.

Хьушайс дина долу хьехар

5Абушалама элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хӀун олу хьовсур ду вай». 6Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».

7Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хӀинца дина долу хьехар дика дац. 8Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кӀорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Ӏийр вац. 9Иза хӀинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Ӏаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тӀелатахь, и хӀума хезна болчу нахана дагадогӀур ду: „Абушаламна тӀаьхьахӀиттинарш эшийна!“– аьлла. 10ТӀаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дӀахӀуьттур бу, хӀунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чӀогӀа майра тӀемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а. 11Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хӀордан йистера гӀум санна, дукха хир ду. ТӀаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тӀамтӀе бига беза. 12Цул тӀаьхьа вай Даудана тӀелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тӀелетар ду, Ӏуьйранлера тхи лаьтта тӀе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна. 13Нагахь санна иза цхьана гӀала дӀаводахь, массо а исраилхоша и гӀала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гӀалин пенаш тогӀи чу такхор ду, тӀаккха цу гӀалех цхьа а тӀулг буьсур бац».

14Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Ӏаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тӀе бохам баийтархьама.

Хьушайс динчу хьехаро Даудан цӀа кӀелхьардоккху

15Динан дай болчу ЦӀадукъе а, Абу-ЯтӀарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира. 16Ткъа хӀинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Ӏаш, цу хил дехьа а валий, цигара дӀавала, хӀунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хӀаллакбаран кхерам бу“».

17Динан ден кӀентий ЯхӀуната а, АхьимаӀац а Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГӀалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дӀадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира. 18Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогӀучу кӀанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дӀа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гӀу яра. И шиъ цу чу воьссира. 19Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гӀуна тӀе тесира, ткъа шаршуна тӀе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта. 20Абушаламан тӀемалоша, цу зудчун цӀа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхӀунатий, АхьимаӀацций?»

Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дӀабахара».

Лехначул тӀаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дӀабахара.
21Уьш дӀабаханчул тӀаьхьа ЯхӀунатий, АхьимаӀацций, гӀуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дӀагӀо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина». 22Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.
Copyright information for CheCAC2012