‏ 2 Samuel 15:25-37

25Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. 26Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». 27Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву!
Ӏебархойн тептар тӀехь: Хьо Делера дерг гуш верг ма ву. Грекийн гочдар тӀехь: Хьажал!
Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву.
28Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». 29ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.

30Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара. 31Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»

32Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра. 33Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву. 34Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“. 35Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца. 36ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».

37Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.

‏ 2 Samuel 16:1

Цубина Дауд дуьхьалкхета

1 bДауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара.
Copyright information for CheCAC2012