2 Samuel 16:1-4
Цубина Дауд дуьхьалкхета
1 aДауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара. 2Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?» Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цӀенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тӀехь дӀасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тӀемалошна даа деана. Ткъа чагӀар яьссачу аренгахь болчу гӀора дӀадаьллачарна мала деана». 3 bПаччахьо элира: «Хьан элан кӀентан кӀант мичахь ву?» Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХӀинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“». 4ТӀаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хӀума аса хьуна дӀало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаӀабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»
Copyright information for
CheCAC2012