‏ 2 Samuel 16:5-13

ШамаӀис Даудана неӀалт олу

5Дауд Бахьруме дӀакхаьчча, цигара Шаулан цӀийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цӀе ШамаӀи яра. Иза Герин кӀант вара. ШамаӀи, неӀалташ а кхайкхош, 6Даудана а, цуьнан ялхошна а тӀулгаш кхуьссуш вогӀуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агӀор дӀахӀиттина бара. 7НеӀалташ а кхайкхош, ШамаӀис бохура: «ДӀавала, дӀагӀо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! 8Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тӀаьхьенан цӀий Ӏанор бахьана долуш а, цул тӀаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дӀаделла хьан кӀант волчу Абушаламан кара. Ткъа хӀинца хьо баланехь ву, хьо цӀий Ӏанош верг хилар бахьана долуш».

9Царуятан кӀанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жӀаьло сардамаш хӀунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу».

10Амма паччахьо элира: «ХӀун дийр ду аса шуна, Царуятан кӀентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хӀунда леладо?“– ала мила ву?» 11Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кӀант а со вен араваьлла хилча, хӀокху бен-яманхочун хӀун бехк бу? Ӏадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. 12Тахана сан бала
Цхьадолчу тептарш тӀехь: сан бала. Ӏебархойн тептар тӀехь: суна дина вониг.
Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега».
13Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дӀабоьлхуш бара, ткъа ШамаӀи Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа ца волура. Ламанан басехула схьавогӀуш вара иза, Дауд волчу агӀор тӀулгаш а, чан а кхуьйсуш.
Copyright information for CheCAC2012