2 Samuel 19:16-23
16 aБахьрумара бен-яманхо волу Герин кӀант ШамаӀи а сихвелира яхӀудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. 17Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цӀийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кӀант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. 18Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а.ШамаӀис Дауде шена къинтӀеравалар доьху
Йордан-хил дехьа ваьллачул тӀаьхьа, Герин кӀант ШамаӀи паччахьна хьалха охьавуьйжира. 19Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хӀума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. 20Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цӀийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал». 21Царуятан кӀанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неӀалташ кхайкхийна волу ШамаӀи вуьйр вац ткъа?» 22ТӀаккха Дауда элира: «ХӀун дан деза аса шуна, Царуятан кӀентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хӀинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». 23Паччахьо ШамаӀига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тӀехь чӀагӀо йира.
Copyright information for
CheCAC2012