‏ 2 Samuel 19:25-27

25Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогӀуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хӀунда ца веара?»

26Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тӀе нуьйр тилла. Цунна тӀе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагӀа волу дела. 27Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де.
Copyright information for CheCAC2012