bСулим 11:36; Забур 131:17.

‏ 2 Samuel 21:15-22

ПӀелаштамхошца хилла тӀемаш

(1 Шерашкахь 20:4-8)

15ПӀелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тӀом дӀаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тӀом бан волавелира, амма иза сихха кӀадвелира. 16Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш
Кхо бӀе шекхал – иза кхоъ ах кийланан барамехь ю.
. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла.
17 bАмма Царуятан кӀанта Абушайс кӀелхьарваьккхира Дауд. Цо пӀелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чӀагӀо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тӀаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дӀа ца байтархьама».

18Гоба-гӀалахь кхин а тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.

19Кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯӀар-Орагайман кӀанта Элхьанана гатихо волу ГӀолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.

20Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 21Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.

22И виъ стаг Гати-гӀаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
Copyright information for CheCAC2012