‏ 2 Samuel 3:14-16

14 aДауда Шаулан кӀант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бӀе пӀелаштамхо сунт а вина, эцна йолу». 15Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кӀантера Палтиалера схьаяккха. 16Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дӀайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цӀа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.
Copyright information for CheCAC2012