‏ 2 Samuel 4:4

4 aШаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра.
Copyright information for CheCAC2012