2 Samuel 5:1-10
Исраилхоша Дауд шайн паччахь вина дӀахӀоттаво
(1 Шерашкахь 11:1-9; 14:1-7)
1Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду. 2Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». 3Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара. 4 aПаччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 5Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.Дауда Ярушалайм-гӀала схьайоккху
6 bПаччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. 7Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира. 8Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац». 9Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш. 10Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.
Copyright information for
CheCAC2012