‏ 2 Samuel 5:11-16

11Цора-гӀалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тӀулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цӀенош дира. 12ТӀаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а.

13Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гӀарбаш-зударий а бигира. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира Даудан. 14Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, 15Ибхьар, Эли-ШуӀа, Непаг, ЯпияӀ, 16Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.
Copyright information for CheCAC2012