‏ 2 Samuel 5:17-25

Дауда пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бо

(1 Шерашкахь 14:8-17)

17ПӀелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дӀахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чӀагӀйина йолчу меттиге дӀавахара. 18Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 19Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?»

Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».

20Дауда, БаӀал-Паруциме а вахана, пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цӀе, БаӀал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 21ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.

22Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 23Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 24Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 25Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.
Copyright information for CheCAC2012