2 Samuel 6:1-17
Делан деза тӀорказ Ярушалайме схьадохьу
(1 Шерашкахь 13:1-14; 15:25–16:6, 43)
1Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тӀемалой шена тӀекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира. 2 aДауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг. 3 bДеза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара. 4Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара. 5Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, горгалешца а, негӀарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара. 6Нахонан хьаьтта кхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела. 7Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тӀорказна тӀе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тӀорказна уллохь велира. 8ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина таӀзар дар» бохург ду). 9Цу дийнахь Дауд чӀогӀа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тӀорказ со волчу муха дахьар ду?» 10Даудана ца лиира Везачу Элан тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира. 11 cДеза тӀорказ гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан дерриг цӀа а декъалдира. 12Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира. 13Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда. 14Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара. 15Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара. 16Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. 17Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.
Copyright information for
CheCAC2012