2 Samuel 6:12-16
12Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира. 13Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда. 14Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара. 15Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара. 16Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.
Copyright information for
CheCAC2012