‏ 2 Samuel 6:12-22

12Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Ӏабади-Эдом а, цуьнан цӀа а декъалдина, Делан деза тӀорказ иза волчохь лаьттина дела». ТӀаккха Дауда воккхаверца Делан деза тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀера Даудан гӀала схьадаийтира. 13Везачу Элан деза тӀорказ дахьаш богӀуш болчара хьалхара ялх гӀулч яьккхича, эса а, сту а сагӀина дейтира Дауда. 14Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тӀеюьйхина гатанан оба бен, хӀумма а яцара. 15Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тӀорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маӀаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.

16Везачу Элан тӀорказ Даудан гӀалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. 17Везачу Элан тӀорказ, схьа а деана, Дауда хӀоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира. 18Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. 19 aМассо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цӀа дахара.

20Шен цӀа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоӀа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гӀарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»

21Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цӀийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дӀахӀоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву. 22Сайн бӀаьргашкахь со кхин а кӀезиг хилла дӀахӀуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гӀарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна».
Copyright information for CheCAC2012