aАрадаккхар 25:22.
2 Samuel 6:2-4
2 aДауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала дахара, цигара Делан деза тӀорказ схьадан. Цу тӀорказца йоьзна цхьа леррина цӀе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг. 3 bДеза тӀорказ, гун тӀехь лаьттачу Абинадабан цӀа чуьра схьа а эцна, керлачу гӀудалкхана тӀе охьа а хӀоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кӀентий Ӏузий, Ахьъюй и гӀудалкх лелош вара. 4Абинадабан цӀа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тӀорказ гӀудалкхана тӀедиллира. Цу гӀудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара.
Copyright information for
CheCAC2012