‏ 2 Samuel 7:1-16

Даудана Делера бина хаам

(1 Шерашкахь 17:1-15)

1Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера. 2ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».

3Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву». 4Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: 5«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг? 6Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. 7Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“

8Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 9Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 10Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, 11мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла. 12 aХьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду. 13Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву. 14 bСо цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна. 15Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. 16 cХьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“»
Copyright information for CheCAC2012