2 Samuel 7:1-3
Даудана Делера бина хаам
(1 Шерашкахь 17:1-15)
1Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера. 2ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду». 3Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву».
Copyright information for
CheCAC2012