cЗабур 88:37, 38.
2 Samuel 7:12-16
12 aХьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду. 13Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву. 14 bСо цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна. 15Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. 16 cХьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“»
Copyright information for
CheCAC2012