2 Samuel 7:18-29
Дауда Деле доӀа до
(1 Шерашкахь 17:16-27)
18ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 19Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла? 20ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла. 21Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш. 22Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 23 aМичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь. 24Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина. 25Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа, 26массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 27Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира. 28Сан Хьалдолу Эла! Хьо – Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь! 29Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012