‏ 2 Samuel 9

Дауд Шаулан доьзалца къинхетаме хилар

1 aДауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа».

2Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?»

Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».

3 bПаччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра».

Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш».

4Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?»

Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву».

5Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.

6Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!»

Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».

7Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».

8Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи».

9Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало. 10Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.)

11Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду».

Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна.
12Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла. 13Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла.
Copyright information for CheCAC2012