‏ Acts 1:9-11

9 aИза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. 10Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира. 11«Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву».
Copyright information for CheCAC2012