Acts 14:1-7
Икони-гӀалахь
1Иконехь ПахӀал а, Бар-Нааб а гуттар а санна жуьгтийн гуламан цӀа чу вахара. Цара хьехам дика бар бахьана долуш, дуккха а жуьгтий а, кхечу къаьмнех болу нах а Ӏийсах тийшира. 2Амма тешарна реза боцучу жуьгташа кхечу къаьмнех цхьаболу нах Ӏийсах тешначарна дуьхьалбехира, царах дог доккхуш. 3ПахӀала а, Бар-Нааба а цигахь дуккха а хан яьккхира. Везачу Элах лаьцна майрра хьехам бора цара. Кхеран куьйгашца тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а гайтарца Шен къинхетамах болу хаза кхаъ чӀагӀбора Везачу Эло. 4ГӀалара нах бекъабелира. Цхьаберш жуьгташкахьа бевлира, вуьш – векалшкахьа. 5Кхечу къаьмнех болчу нехан а, жуьгтийн а шайн хьаькамашца цхьаьна барт хилира векалш сийсаз а бина, царна тӀулгаш детта. 6Иза хаа а хиъна, гӀалара дӀабахара векалш. Уьш Ликона-махкарчу Листар а, Дерба а цӀе йолчу гӀаланашка а, царна гонахарчу меттигашка а арабевлира. 7Цигахь хаза кхаъ кхайкхабора цара.
Copyright information for
CheCAC2012