aАрадаккхар 20:11; Забур 146:6.

‏ Acts 14:8-20

Листар-гӀалахь

8Листарехь Ӏаш цхьа стаг вара, винчу хенахь дуьйна а когаш лелаш а боцуш, цкъа дӀа а волавалаза. 9Цо а ладугӀура ПахӀала хьехам бечу хенахь. Ша къамел деш цу стаге хьаьжначу ПахӀална гира цуьнан шен товаларх болу тешам. 10«Когаш тӀе хьалагӀатта!» – элира цо заьӀапчуьнга. И стаг, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. 11ПахӀала динарг а гина, ликонан маттахь маьхьарий хьекха хӀиттира нах: «Вай долчу адамийн суьртехь деланаш баьхкина!» – бохуш. 12Цара Бар-Наабах Зевс элира, ПахӀалах ХӀерми элира, хӀунда аьлча цо къамел алсамо дора. 13Зевс цӀе йолчу цӀунна лерина цӀа дара гӀаланал арахьа. Цу цӀа чохь гӀуллакх деш волчу стага стерчий а далийра, зезагийн кочарш а деара гӀалин кевне, нахаца векалшна лерина сагӀа даккхархьама.

14И шайна хезча, тӀера хӀуманаш а этӀош, нахана юкъа а лилхина, мохь бетташ къамел дира векалша Бар-Нааба а, ПахӀала а: 15 a«ХӀара хӀун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цӀушна тӀера стигал а, латта а, хӀордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тӀедерзийтархьама. 16Хьалха Цо пурба лора нахана шайн некъашца лела, 17амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догӀа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». 18И дешнаш аьлча а, кхарна тӀера сагӀа даккха гӀерташ болу нах халла совцабелира векалшка.

19Антиохера а, Иконера а баьхкинчу цхьаболчу жуьгташа и нах шайна тӀеберзийра. Адамийн тоба, векалшна дуьхьал а яьлла, ПахӀална тӀулгаш детта йолаелира. Эххар а, иза велла моьттуш, такхийна гӀаланах араваьккхира цара. 20Амма мурдаш шена гонах гулбелча, ПахӀал, хьала а гӀаьттина, гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь Бар-Наабаца Дерба олучу меттиге дӀавахара иза.
Copyright information for CheCAC2012