Acts 16:19-40
19ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра. 20Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац. 21Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац». 22Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира. 23ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла. 24И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна. 25Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара. 26ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира. 27Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда. 28Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла. 29«Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза. 30И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» – аьлла. 31«Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу». 32ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а. 33Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира. 34Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера. 35Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», – аьлла. 36Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!» 37Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой ▼▼Риман вахархо – Рим-пачхьалкхо схьабаьхначу мехкашкахь массарна а луш яцара и цӀе. И цӀе я ахча делла, я дегара тӀаьхьене луш яра. Цу цӀаро дуккха а бакъонаш лора иза йолчунна.
доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара». 38Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира. 39Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина. 40Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.
Copyright information for
CheCAC2012