Acts 17:1-9
Тассалник-гӀалахь адам карзахдалар
1Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара. 2Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала. 3Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала. 4Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь. 5Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира. Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш. 6ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи, 7Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху». 8Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера. 9Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт ▼▼Я иштта: дош.
а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.
Copyright information for
CheCAC2012