‏ Acts 18:4-11

4ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ.

5Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш. 6Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». 7Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара. 8Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.

9Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе! 10ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла. 11Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш.
Copyright information for CheCAC2012