bЗабур 15:8-11 (Грекийн).
cЗабур 131:11; Дауд 7:12, 13.

‏ Acts 2:24-32

24 aАмма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 25 bДауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха.
Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.
26Цундела сан дог а сакъералуш ду,
сан багара мотт а самукъадаьлла бу.
Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.
27ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.
Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
28Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,
Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.

29Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 30 cИза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 31Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 32Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.
Copyright information for CheCAC2012