‏ Acts 21:17-28

ПахӀал Якъуб волчу воьду

17Ярушалайме дӀакхаьчча, динан вежарша дика тӀеийцира тхо. 18ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера. 19Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахӀала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. 20Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахӀале:

«Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Ӏийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
21Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Ӏаш болу жуьгтий ахь Ӏамабо, Муса-пайхамарах дӀакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гӀиллакхаш ма леладе бохуш. 22ТӀаккха хӀун дан деза оха? Царна хуур ма ду хьо веанийла. 23 aОха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. 24Уьш схьа а эций, цӀинваларан Ӏадатах чекхвала. Кортош дошуш церан хиллачу харжах ахча дӀа а ло. ТӀаккха хӀоранна а хуур ду, хьох лаьцна дуьйцург цхьа а бакъ доций, хьо товратан хьехамаш кхочушбеш вуйла. 25 bТкъа Ӏийсах тешна болчу кхечу къаьмнийн нахе оха кехат яздина, цӀушна сагӀина деана жижиг а ма даа, цӀийх а ларло, садукъдина дайинчу бежанийн жижиг а ма даа, нахаца а ма лела аьлла».

26ПахӀала, билгалбаьхна нах схьа а эцна, шолгӀачу дийнахь цаьрца цӀинваларан Ӏадат кхочушдира. Юха, Делан цӀийнан керта а веана, цо хаам бира, шайн цӀиндаларан денош чекх маца девр ду а, шайх хӀораннах а сагӀа маца доккхур ду а аьлла.

ПахӀал лацар

27ВорхӀалгӀа де чекхдолуш Асиа-махкарчу жуьгташна Делан цӀийнан кертахь гира иза. Дерриг а адам карзах а даьккхина, цара ПахӀал схьалецира, 28маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГӀо дейша! ХӀара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цӀенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хӀинца, Делан цӀийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
Copyright information for CheCAC2012