‏ Acts 22:6-10

6Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 7Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“

8Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“

Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“.

9Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 10Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“

Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“.
Copyright information for CheCAC2012