Acts 22:6-16
6Амма новкъа вогӀуш, со Дамасакх-гӀалина герга веача, делкъахан хуьлучу заманчохь стигалара къеггина серло кхийтира суна гонах. 7Лаьтта воьжча, суна сайга луьйш долу аз хезира: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?“ 8Ас хаьттира: „Мила ву хьо, Веза Эла?“ Цо элира соьга: „Со Назартера Ӏийса ву, ахь эккхийна лелош волу“. 9Соьца хиллачарна серло гира, амма соьга луьйш Волчун аз къаьсташ ца хезира. 10Ас хаьттира: „ХӀун де ас, Веза Эла?“ Везачу Эло элира: „Хьала а гӀаттий, Дамасакх-гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахьа дан дезарг“. 11Суна хӀумма а ца гора, хӀунда аьлча къеггинчу серлоно бӀаьрса дайинера сан. Цундела некъахоша, куьг а лаьцна, Дамасакхе дӀавигира со. 12Далла муьтӀахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Ӏачу жуьгташа дика цӀе йоккхуш волу Хьанас цӀе йолчу стага, 13тӀе а веана, элира соьга: „Ваша Шаул! Са гуо хьайна!“Цу сохьта суна Хьанас гира. 14Цо элира: „Вайн дайн Дала къастийна хьо Цуьнан лаам хаа, къаьсттина Бакъверг ган а, Цуьнан багара аз хаза а. 15ХӀунда аьлча гиначунна а, хезначунна а Цуьнан теш хир ву хьо массо а адамна хьалха. 16ХӀун деш Ӏа хьо? Хьала а гӀаттий, хьо хих чекх а ваккхийтий, къинойх цӀанло, Везачу Эле Ӏийсага кхойкхуш“.
Copyright information for
CheCAC2012