‏ Acts 26:13-18

13Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогӀуш, стигалара цӀеххьана малхачул а чӀогӀа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хӀоьттира. 14Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хӀунда до ахь?“

15Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“

Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Ӏийса ву.
16ХьалагӀатта когаш тӀе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гӀуллакх кхочушдархо а вина, дӀахӀотто. 17Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кӀелхьарвоккхур ву хьо. 18Церан бӀаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тӀера Далла тӀеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“».
Copyright information for CheCAC2012