Acts 4:32-35
Массо а хӀума юкъахь хилар
32 aДелах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. 33Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. 34– 35Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.
Copyright information for
CheCAC2012