‏ Acts 5:34-39

34Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Ӏелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цӀе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хӀоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. 35Цул тӀаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гӀертачун. 36Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цӀе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тӀаьхьа виъ бӀе гергга стаг хӀоьттира. Амма иза вийначул тӀаьхьа, цуьнан накъостий дӀасабевдира. ХӀумма а доцург а хилла, дӀаделира и гӀуллакх. 37Цул тӀаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дӀаязбечу хенахь веанчу цо гӀаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тӀаьхьахӀиттинарш а дӀасабевдира. 38Цундела хӀокху хӀуманна тӀедоьгӀна сан хьехар ду шуна: и нах Ӏадбита, дӀахеца уьш. Цара долийна хӀума нахера делахь, иза, дайна, дӀадер ду. 39Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду».
Copyright information for CheCAC2012